Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш тІетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагІий шаьш бу оцу тІехь кхелахой. Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург? Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалхā охьатаьІар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цІе. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КІелхьардохург а вац. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.
Выбор основного перевода