Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тІехула болу къуьда дІабовр бу. Цуьнан къуьда сан коьрта тІехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан! Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Цигахь Даудан цІа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дІахІоттор бу. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас.
Выбор основного перевода