Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Іалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац. ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХІунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тІема а далий, шайн лома тІе дІагІо? Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург? Тарх санна, дІахІоьттина мила ву, вайн Дела воцург? Веза Эла, сан Тарх а, суна паргІато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха. Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гІап санна Хьо хиларна, Хьайн цІеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тІехь урхалла а дехьа. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!» Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХІара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».
Выбор основного перевода