Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. ТІаккха Делан озо гІовгІа йо. Шен возаллин озаца Цо гІовгІа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо. Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула. Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз. Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло. Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугІа санна, ирхлоьлхуьйту. Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо. Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цІе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло. Сешка кІорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цІийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху.
Выбор основного перевода