Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бехк берг а Дала кІелхьарвоккхур ву, цуьнан кІелхьарвалар хьан цІена куьйгаш бахьана долуш хир ду». Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза. Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дІавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра. ТІаккха стигалахь волчу Ахьа дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггІург а деш. Везачу Эло йо халкъашна тІехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цІена ма ду. Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
Выбор основного перевода