Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан цІенний, Шаулан цІенний юкъахь еххачу хенахь тІемаш лаьттира. Даудан ницкъ чІагІлуш бара, ткъа Шаулан цІа эшна догІура. Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна. Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дІакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш». Хьайна девзаш доцу халкъаш тІекхойкхур ду ахь, хІинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тІекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина». кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цІе язйийр ю».
Выбор основного перевода