Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ницкъболчеран секхаІад кагло! ЭгІаза верг ницкъ болуш хуьлу. Аса тидам бийр бу цІеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогІур ву те суна тІе? ЦІеначу дагца со лелар ву сайн цІа чохь. Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦІеначу новкъахь лелаш болчаьрга – цаьрга сайна гІуллакх дойтур а ду. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хІума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин. Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КІеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чІагІо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.
Выбор основного перевода