Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. qac Зqac*овкх ду Цунна тІебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу. Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьІаьржонах юьзна. АстагІчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора. Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга, Ахь суна жоп лур долу дела. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дІа а хезира. Ша чІеран гай чохь воллуш, Юнуса доІанца дийхира шен Везачу Деле. Цо элира: «Со гІайгІанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тІаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цІогІа туьйхира ас, тІаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тІаккха Хьан Дезачу ЦІа чохь волчу Хьоьга дІакхаьчна сан доІанаш.
Выбор основного перевода