Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела. Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалхā, Исраилан халкъан Далла хьалхā. Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара. ТІаккха со Везачу Элан цІе йоккхуш кхайкхира: «Веза Эла! КІелхьардаккхахьа сан са!» – аьлла. ГІо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хІоьттича, Цо со кІелхьарваьккхира. Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира.
Выбор основного перевода