Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде. кура бІаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цІий Іенош долу куьйгаш а, Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
Выбор основного перевода