Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха сан корта суна го бинчу мостагІашна тІехь хьалаайабелла хир бу. Иза Іаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагІанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду. Сан Дела, мостагІех со кІелхьарваккхахьа! Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со вочу нахах, ницкъ бечу адамех ларвехьа со. Веза Эла, сан мостагІех кІелхьарваккхахьа со! Хьоьга лар ма войту аса со.
Выбор основного перевода