Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла – сан тарх, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КІелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо! Шена хастам бан хьакъ долуш волчу Везачу Эле Аса ма кхойкху, Цо со сан мостагІех кІелхьарвоккху. Іожаллин тулгІенаш яра суна гонах хьийзаш. Дохаран Іовраша со вара дурс дІахьош. Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох, Іожаллин бой яра суна хьалха. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира. Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела. Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира, доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара а елира. догуш долу кІегий охьаэгара цу чуьра. Стигалш дІаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Іаьржа мархаш яра. Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза, механ тІемаш тІехь охьавоьссира Иза. Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира, хІаваэрачу Іаьржачу мархех къайлаволу меттиг Шена йира. Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна, догуш, кІегий серладуьйлира. Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гІовгІа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагІий дІасалаьхкира, дукха ткъес а хьажийна, Цо уьш ма дарбира. Цуьнан оьгІазе аз дІахезча, Цуьнан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча, хІордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира. Везачу Эло лакхаллера, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира. Доьналла долчу сан мостагІийн куьйга кІелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагІех кІелхьара а ваьккхира. Сан де эшначу дийнахь сан мостагІий суна дуьхьалбевллера, амма Веза Эла суна гІортор хилла дІахІоьттира. Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кІелхьарваьккхира со. Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цІена хиларе терра Цо суна кхаъ белла. Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дІа ца верзалуш, со Іеса ца лелара. Цуьнан дерриг а тІедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тІера со дІа а ца волура. Цунна хьалха со цІена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла. Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бІаьргашкахь сан куьйгаш цІена долу дела. Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо. ЦІена волчуьнца цІена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца – цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу. Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху, цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаІабо Ахьа. Веза Эла! Хьо – сан чиркх бу. Ахьа сан бода серлабоккху. Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу. Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург? Дала суна берриг ницкъ а ло, ткъа Цо сан некъ нийса а бо Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чІогІа лоттуьйту. Сан куьйгаш Цо тІом бан а Іамадо, сан хІинца цІестан Іад дула а тарло. Со кІелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан гІоьно со тІех воккха вира. Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура. Сайн мостагІашна тІаьхьа а ваьлла, со ведда леллера, уьш хІаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира. Аса уьш, хІаллак а бина, байа а байина, уьш сан когашна хьалха охьаэггалц. Ахьа суна тІом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина. Ахь дІабовдийтинчу сан мостагІийн баккъаш суна гина, цундела аса со цавезнарш хІаллакбина. Цара шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо жоп ца лора. Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах, арара хатт санна, тІе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш. Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кІелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тІехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гІуллакх деш лелаш ду. Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу, со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтІахь хуьлий, дІахІуьтту уьш. Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гІора дІадаьккхина церан, цундела уьш бегош, шайн чІагІонан меттигашкара арабуьйлура. Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чІагІо волу, со кІелхьарвоккху Дела. Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтІахь дийриг а, сан мостагІех со кІелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тІехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кІелхьарваьккхира. Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цІе хестор а ю. Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а».
Выбор основного перевода