Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна марханийн а, цІеран а бІогІамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. Баракха туьраца беш болчу тІамехь Сисра а, цуьнан гІудалкхаш тІехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хІун дан деза. Ткъа Сисра, гІудалкха тІера охьа а воьссина, гІаш ведда дІавахара. Іожалла тІейоуьйту Цо, Шен гІирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тІехьажадо. Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш. Стелахаьштиг тохий, мостагІий дІасакхиссахьа, Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш. Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.
Выбор основного перевода