Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Веза Эла Шен халкъан гІап а ю, Ша къобалвинчун кІелхьарваккхаран чІагІо а ю. „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кІелхьарвоккхучу Хьуна.
Выбор основного перевода