Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Іаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегІ дагаро дІалаьцна. Сайгахь болу бала бахьана долуш со азвелла дІахІоьттина. qac Бqac*илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьІахкаш а ца мегачу ма яьхна. Луьра хІоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дІахІоьтти тхан чкъор, цІе санна хилла. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара даьІахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьІахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дІабаьлла, хиндерг тхох дІа а хаьдда“.
Выбор основного перевода