Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІамехь вен а вийна, аренгахь Іуьллучух я Іожалла тІееанчух, я деллачу адаман даьІахкех, я кошах дІахьакхавелларг муьлхха а ворхІ дийнахь цІена хир вац. Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. Хьан бедарийн юьхах хьакхаделла бехк боцучу къечу адамийн цІий ду, къола дечохь ахь уьш ца лаьцнехь а. И массо а къинош ахь летийнехь а, Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара.
Выбор основного перевода