Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагІар хино талхийна. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хІума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кІезиг гІо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хІуманашка церан мацалла а дІаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хІунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Ас и хІуманаш хІонс санна хийрачу нехан кара дІалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цІа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
Выбор основного перевода