Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна. qac Мqac*арахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу: «Мичахь ду те бепиг, чагІар?» ТІаккха, чевнаш хилларш санна, гІалин урамашкахь охьа а оьгий, кийрара шайн синош дІа а хоьций, шайн нанойн карахь дІадовлу уьш.
Выбор основного перевода