Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча. Оха, сан кІант кхехка а вина, виира. ШолгІачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кІант, хІинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кІант дІалачкъийна!» Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо. МостагІийн ардангаша, нах байа а гІерташ, го бийр бу гІалина. ГІалахь мацалла а хІоьттина, нах чІогІа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а буур бу“. qac Хqac*ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а?
Выбор основного перевода