Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира». Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду».
Выбор основного перевода