Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». qac Іqac*есаллина дина таІзар чекхдели хьан, Цийонан йоІ, кхидІа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таІзар, Эдоман йоІ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош. ТІаккха, Сан оьгІазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тІехь йисча а, Со Іебар ву. Царна тІехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар.
Выбор основного перевода