Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тІе куьг а даьхьна, иза вен?» Царуятан кІанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неІалташ кхайкхийна волу ШамаІи вуьйр вац ткъа?» ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. qac Иqac* дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гІораш а, дохийна, дІа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Іамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хІуьтту Везачу Элера долу суьрташ. Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира. ТІаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра. Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кІел шайн кІорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ІиндагІехь дехаш дара. Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дІакхаьчна. ХІинца уьш туьро хІаллакбиначарах дІакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ІиндагІехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.
Выбор основного перевода