Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс? ТогІин яхархо йолу Ярушалайм-гІала, тІапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дІалечкъийла цхьаммо а дІалоцур яц“.
Выбор основного перевода