Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Исраилхойн мехкарий! Шаьш таьІна-цІен бедаршца кечдеш, дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тІаьхьа делхалаш. Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара. Дакъазайоккхур ю Аса хаза а, коча а йолу Цийонан йоІ. Бала тІебогІу де геннахь а хеташ, Іазап толар гергадаладо аша. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гІирсаш лело говзалла ю. Кедаш чуьра чагІар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цІенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу! Цундела хІинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гІур ду, чекхдер ду шун тойнаш хІиттор а, сакъерар а. Іахаро кхоалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира кхоалгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, суна Іаьржа дин гира. Цу тІехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!»
Выбор основного перевода