Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тІом бан кхин ара ца велира, хІунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера Эпрат-хина тІе кхаччалц долу латтанаш дІалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара. Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хІокху гІалина дуьхьал кхин цкъа а тІом беш дІахІуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цІергахь ягор ю цара“. Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гІо а ца доьхуш, Мисар-махке гІо а дехна, латийна долу къинош. ТІаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».
Выбор основного перевода