Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Цаьрца цхьаьна бугІанаш а, старгІанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цІий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». ХІунда аьлча Сан безачу лам тІехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дІадоккхур ду, тІаккха, цкъа а ца хилча санна, дІа а девр ду уьш.
Выбор основного перевода