Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. «ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. ТІекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хІинцале а тІекхаьчна. Цо хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тІекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац.
Выбор основного перевода