Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода