Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю. Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тІаьхьенах хилар чІагІ а деш.
Выбор основного перевода