Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам! Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду». Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!» «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чІагІо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тІейогІучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна. Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХІунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
Выбор основного перевода