Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ткъе уьтталгІачу шеран боьалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхІуд-махкара йийсаре дІабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дІаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хІиттира. Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу. кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. Іаьржа говраш шайгахь йолу гІудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кІайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю.
Выбор основного перевода