10
Шайн гІаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тІедеанчу муьлххачу а къовсамечу гІуллакх тІехь, иза цІий Іанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тІедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гІуллакхаш де, тІаккха аша къилахь дерг дийр дац.