Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала. ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву».
Выбор основного перевода