Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана! ЯхІудан тІаьхьено Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гІала ягийра. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,
Выбор основного перевода