Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаІ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гІала веана аьлла хаам паччахьна тІе кхаьчча, Везачу Элах кхерар цІена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю. Кхечу къаьмнех болчу наха хІунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бІаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цІий Іанорна Айхьа бекхам бийриг хилар. qac Уqac*ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тІедехкинарш бакъ ма ду. Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла. Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!» Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». ТІаккха шайн карахь ворхІ бога долчу ворхІ маликах цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «ТІехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тІе а хиъна, чІогІа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таІзар.
Выбор основного перевода