Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И Эдомера вогІург мила ву? Мила ву иза, цІен оба а юьйхина, Бацарера вогІург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кІелхьардаха нуьцкъала а волуш». Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгІазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цІий Сан обанна тІе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.
Выбор основного перевода