Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дІалур ву. Адаман кІант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дІаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагІа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагІа ду, цигара дилха а даа, цІий а мала. Аша майрачу тІемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цІий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагІий а, Іахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу. Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цІий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагІанах. Сан шуьна тІехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тІемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а». Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. Со дІахьаьжча, стигална юккъехула тІемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»
Выбор основного перевода