Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан нускал паччахьан цІа чу доьду. Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду Хьекъалалло, шена цІа а дина, ворхІ бІогІам а хьаькхна, уьш дІахІиттийра. «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина. Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неІ дІакъовлаелла. ТІаккха Іийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хІоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла. Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла. Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХІунда аьлча Іахаро зуда яло хан тІекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла. Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.)
Выбор основного перевода