Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тІекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цІе? Муха ю цуьнан кІентан цІе? Хьуна хууш дуй иза? Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.
Выбор основного перевода