Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. «ХьалагІатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.
Выбор основного перевода