Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. Хьан динан дай нийсо тІеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
Выбор основного перевода