Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бала тІебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгІазаллин дийнахь иза кІелхьарвоккху. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маІо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Іачу хенахь и доьалгІа экха дийра, ткъа цуьнан дегІ, кескаш а йина, дагадан цІерга кхоьссира. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Іахаран санна, ши маІа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира. Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. Цу экханан мухІар таІийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хІумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухІар тІехь цу экханан цІе я цуьнан цІеран терахь дара.
Выбор основного перевода