Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. И де догІур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, муьлххачу а лекхачу бІаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? Адаман кІант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дІаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагІа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагІа ду, цигара дилха а даа, цІий а мала. Сан шуьна тІехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тІемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода