Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хІаллакбина, охьа а бехкина, Іохкуш бу цигахь“. Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хІаллакбина. Церан кешнаш эхартехь уггар а кІорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хІаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. ХІаллакбина Іохкучарна юкъахь Іейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Іохкуш хІаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хІаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а, хІинца цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. ХІаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш. Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хІаллакбина а бу, хІунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора. Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Іохкуш бац. ХІорш шайн герзаца дІабоьхкина, церан тарраш церан гІовлангахь Іохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьІахкашна тІехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Іадийнера. Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хІаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хІаллакбинчаьрца а цхьаьна Іуьллур бу. Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тІемалой бара, ткъа хІинца туьро хІаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Іохкуш бу. Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цІаданхойн тІемалой а бу. Туьро хІаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Іохкуш бу, шайн юьхьІаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дІаяхьа. ХІаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирІунна дІагича, цунна синхьаам хир бу и хІаллакбина нах бахьана долуш, хІунда аьлча пирІун а, цуьнан эскар а туьро хІаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира.
Выбор основного перевода