Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул. Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тІегІерташ делахь, и куьг дІа а даккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул». Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дІабаккха тІера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гІоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул.
Выбор основного перевода