Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхІудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гІерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хІума а доцуш, лаьтташ бара. Я цхьаннан, я шолгІачун дІадала ахча ца хилла. ТІаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?» Ткъа хІинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
Выбор основного перевода