Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса стигалийн Олаллера догІанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». И аьлла, Іаь а тоьхна, Іийсас элира: «ДІаэца Делан Са. Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тІера дІадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тІехь дуьсур ду». Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Іийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дІаделира цара. Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама.
Выбор основного перевода