Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтІера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтІера». Шаьш доІа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтІера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама». Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла. Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра. ХІунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
Выбор основного перевода