«Цхьана стеган ши декхархо хилла, – волавелира Іийса. – Цхьаъ пхи бІе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт.
Я цхьаннан, я шолгІачун дІадала ахча ца хилла. ТІаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?»