Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. Суна чохь долу са хІинца синтеме ду, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. Іийсас элира: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Стигалийн Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу». Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Іийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тІехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. Амма Іийсас, бераш Шена тІе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
Выбор основного перевода